ТIекхочийла долу линкаш

9 шо кхаьчна Нальчикехь гIаттам хилла


9 шо кхаьчна Налчикехь гIаттам иккхина. 35 милцо а, 14 маьрша вахархо а, 92 гIаттамхо а велира хIетахьлерчу тIематасадаларшкахь. Лазийнарш а бара ши бIе гергга. Официало иза дара боху бусулбанийн жамаIат Iедал карчо гIортар.

Ткъа гIаттамхоша а, церан гергарчара а дийцарехь протест кхайкхош хилла кегийрхой Iедало шаьш парггIат дин лело а, маьрша баха а ца битарна. Кхел ю йоьдуш хIетахь лецначарна тIехь тахана. Оцу хьокъехь оха алссам дуьйцур ду тIаьхьо.

XS
SM
MD
LG