ТIекхочийла долу линкаш

Царнаев Тамерлана кхин а кхо стаг а вийна хилла боху


Адвокаташа дийцарехь, Iамеркарчу Бостонехь лелхийтарш дарна бехке вечу шина вешех ЦарнаевгIарех дийна висинчу ДжовхIарна хууш хилла шен ваша Тамерлан 2011-чу шарахь Уолтхэм-гIалахь кхо стаг вуьйш дакъалаьцна вуйла. ХIетахь полицина, вен а вийна, тIе къомал а хьарсина, кхо жима стаг карийнера.

Амма и зулам динарг Царнаев Тамерлан велахь а, вацахь а, иза Бостонерчу марафонехь эккхийтар дарца ца дозу, цундела ЖовхIаре бехкьхаттам хуьйла дац, боху адвокаташа.

XS
SM
MD
LG