ТIекхочийла долу линкаш

Нах лаамза лоьхку даздаршка


Нохчийчоь -- Путин вина де даздеш, Соьлж-ГIала, 7ГIа2014

Нохчийчоь -- Путин вина де даздеш, Соьлж-ГIала, 7ГIа2014

Баттахь масситтаза гIаттадо халкъ Нохчийнчоьнан администратора Кадыровс, цхьацца даздарш а айдой. ГIуллакхах а бохий, лоьхку Соьлж-ГIала гуламашка, я кхечу барамашка хьехархой, дешархой, лоьраш, кхиболу белхахой. Даздаршка шайн лаамца нах арабевлча санна дуьйцу тIаккха телевизионашкахь...

Кху карахьболчу баттахь кхузза-доьазза, «шайн лаамехь» Соьлжа гIала бигина Iедалан балхахь мел болу бахархой - лоьраш а, хьехархой а, массо тIегIан гIуллакхъхой а, хьаькамаш а.

Соьлж-ГIалин хьехархойн, кегийрхойн денош даздан а бигина, мехкан куьйгалхо вина де билгалдаккха а бигина, ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Путин Владимир дуьнентIе ваьллачу дийнан хьомара а дIаоьзна коьртачу шахьара эзарнаш бахархой.

ДIаоьзнера, кхаа тайпа футболан кучамаш тIе а йоьхна, адамашка Оьрсийчоьнан дийнан байракх яйта.

Iедалан балхахь болу нах ца лаахь а лууш санна, тайп-тайпанчу даздаршка кхийларх дуьйцуш ву, хIоразза а хьехархойн а, лоьрийн а цхьа билггал тоба Соьлж-ГIала кхачо жоьпалле волу цхьана кIоштан администарацин белхо.

Iедалан белхо: «Кху баттахь гIала кхузза адам дIаоьзна оха, ткъа баханчу баттахь доьазза. Хьехархой а, лоьраш а, кхиберш а дукхах долчу декъана шайн чоьтах лелаш бу. ТIаьххьара Путин винчу дийнахь ворхIалгIачохь хилла тхо гIалахь. Байракх хIоттийна яларций, цара елла футболкаш дIаелла, тхо чехка цIехьа даьхкира. Кест-кеста нисло дIаоьзна адам дукха долуш, тхо аьттехьа ца дуьтуш а. Тхо-м хаза а хеташ цIехьа догIу...»

Iедалан белхой гIала кхийларх дийцинчу юккъерчу тIегIан хьаькамо билгал ма-даккхара, Iедалан хьукхматашкахь, доьшийлашкахь балхахь болу бахархой кест-кеста Соьлж-ГIала эхийтар, массо вола а воьлла, цхьа ламаст санна хIума а хилла дIахIоьттина.

Дешаран шо доладелчхьана, тахана, къаьсттина школашкахь халонга даьлларг ду, хIоккхул бер-дешархо хилийта, бохуш, терахьийн дозанаш а детташ, лаахь а, ца лаахь а дешархой Соьлж-ГIала Кадыровн Ахьмадан цIарх музей кхачор тIедожор а, тароне хьаьжжа а доцуш, дешархой цирке бига хьехархой декхарийла бар а.

Юучунна-молчунна а, билетана луш долу ахча а доцуш, берийн дай-нанойн чоьтах лоцуш ю автобус а. Генарчу кIошташкара дешархой гIала кхачориг , масала, 15 бер, некъана вовшахтоха деза 2.5-3 эзар сом. Шайга, дай-наношка бойтучу токхамех дуьйцуш ю Новр кIоштера Медент.

Медент: « Кхушара санна цхьана а шарахь хилла дац. ХIара шо доладелчахьана тхо-м мукъа дац. Цкъа цирке дуьгуш ду бераш аьлла, 250 соьмаш дIахьийти, юха ГIала музей дуьгу боху аьлла, 300 соьмаш дахьийти. Лаахь а, ца лаахь олий тIе а дожадой, цара-м лан даккха санна хьовзаво. Хьалха-м дацара ишта».

Дешархой шайн лаамехь битар а доцуш, музей а, цирке а, бен-бечу концерташка а кхийларх, къамел дина Медент санна резабоцурш дукха бу. Къаьсттина и лакхара охьадоьуьйтуш долу тIедахкарш хьех кхетта хьехархошна. «ХIинца санна, лаг а лаьцна, хьийзийна бац хьехархой цхьа Iедал долуш а.

Тишьеллачу хечийна лето йоманаш санна, тхо ду-кх массо маьIIе дIасахьежош», - бохуш, леткъамаш бо хьехархоша. Царна Iаткъам бийриг ду, хIора шарахь алсам а дохуш, и тIехь доцу декхарш тIедахкар, и хьал лахлуш цахилар. Маццалц лаьттар ду хьехархой статисташ а бина, дIасахьежор? Цу хаттарна жоп луш яц дешаран Iилманан министаралла а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG