ТIекхочийла долу линкаш

9 шо ду Нальчикера гIаттам луьсту


Нальчикера гIаттамхой кхелехь

Нальчикера гIаттамхой кхелехь

Кху деношкахь ГIебарта-Балкхарачоьнан шахьарахь Нальчикехь хIоьттира шина кепара гулам. Хьалхарчу гуламехь дагалийцира ницкъаллин структурашкара 2005-чу шарахь иккхинчу гIаттамехь байина белхахой, ткъа шозлагIчу гуламехь лаьттара цу гIаттамехь беллачу а, бехкебеш дIалецначу а кегийрхойн гергарнаш.

ГIадужу беттан 13-гIа де ГIебарта-Балкхарачоьнан дегалазаман, цкъа а дицлур доцчу дийнан терахь ду. Цу дийнахь герз кара а эцна, Iедалан ницкъашна шайн резабацар гайтира бусулба наха. ГIатамхойн могIарехь вара мел лахара а 250 стаг. Шина дийнахь лаьттинчу тIематасадаларшкахь вийна 35 ницкъаллин структурийн белхахо, иштта 15 стаг кхелхира маьршачу нахах а. Лазийнарш бара 200 стаге кхоччуш. Ткъа гIаттамхойн могIарера цу къовсамехь кхелхира 96.

ГIаттамна кечамбинарг а, цуьнан коьртехь хилларг а ша вара элира оцу деношкахь Нохчийчуьрчу тIеман баьччас Басаев Шемала, ткъа нахана хьалхаваьлларг ша вуйла хаийтира ГIебарт-Балкхарачуьрчу бусулбанийн джамаIатан куьйгалхочо Астемиров Анзора а, цуьнан накъосто Горчханов Илеса а.

ГIаттамхошна дуьхьал гIаттийна дов листа лерина Нальчикехь сихонца йина дIахIоттийра Лакхарчу кхелан керла гIишло - ширачу гIишлочу тарван аьтту бацара оцу девне валийна волу 58 стаг.

Амма тахханалц а, нах бехке хиларан тоьшалла а дина, кхел кхайкхина яц царна. Маршо Радионо къамел дира Нальчикан яхархочуьнца Набитова Римица. Официало дийцарехь, цуьнан ши кIант гIаттамхойн могIаршкахь кхелхина.

Набитова: "ГIадужу бетан 13-гIа де сан дагна лан хала а, деза а де ду. Шен доьзал кхалхар- хир дац дена-нанна цул доьхна, дегаIийжаме де. Дешнашца дийцалур а дац. Цхьаьна а нене ма кхочийла ишта шийла кхаъ. Ас денна ойла йо хиллачух. Мел ойланаш ярх, ца кхуьу со дуьхье: хIунда нисделла ишта? Мила ву бехке? ХIунда ца йира тхан бераша шайн дайн-нанойн ойла? ХIун хила деза тхан бераш оццул къизчу новкъа бовла? ХIун Iедал хила деза уьш оцу новкъа баьхнарг? Цхьа а вац царна саготта, бехке белахь а, я бацахь арахеца а. Цхьаммо а тIецалоцу и декхар шена".

Тергамчаша дийцарехь, Оьрсийчоь кхоллаелчхьана, оццул деха бехкебийраш тIеховшош гIант хилла а дац. 58-ннан могIарехь виъ бен вац герзаца лаьцна, оцу гIаттаман билггал декъашхо лара тарлуш, амма адвокаташа а, кегийрхойн гергарчара а дийцарехь, массарна а тIехь ницкъбина Iедало, бехк тIебожо гIерташ.

Ницкъбар гойтуш дуккхаъчу журналисташа зорбе даьхнера церан сурташ.

Лецнарш бехке хилар тIечIагIдан тоьшаллаш дац кхелан карахь. Тешаша а бакъ ца до и нах бехке хилар. Цундела тахана бакъо ю шайн, боху гергарчара, Iедале шайн нахах майрра жоп деха.

56 стагана тIехь ен кхел бахьанехь (шиъ кхелхина набахтичохь), тIаьххьарчу исс шарахь Iедало низамца догIуш доцчу хьелашца ницкъ латтабо чохьлатточарна тIехь.

Массо кепара бакъо толийтархьама, бехкебечара бахьанаш леладора. Масала, 2011-чу шарахь цара цхьабоса мацалла кхайкхийра. Могушверг массо а юхаваьллера юучух. Набахтин куьйгалхоша шайна тIехь ен гIело ца лалуш, хийла латтийна протесташ - хедадора куьгийн пхенаш, тайнашца дIатоьгура шайн батош.

Шайна тIехь ен гIело мел ялхаярх а, тергоне ца оьцу суьдхоша, ца хезаш, тосий дуьту аьрзнаш, боху дукха хан ю тутмакхаша.

9 шо ду дов толлу а, кхел йоьду а. Кийча дуй-те Iедал тахана мукъане а кхел кхайкхон? Цунах хуург дийцар дийхира Маршо Радионо Нальчикерчу Мокаев Арсене. Шен вешина орцахваьлла хьийза иза кху массо а шерашкахь.

Мокаев: "Кхин хIара ду аьлла, схьаолуш хIума а дац. Юха а довхаттар дIатеттина. Тахана сан нана ваша гуон яхана набахте, тIаьххьара къамел а ненан хилла адвокатаца. Схьагарехь, шайна а ца хаьа царна хIун аьлла жоп лур тхуна, хIун кхуллур дара хIинца. Кхел листар кхин а дIадахдина".

Маршо Радиоцо къамел динчу нахана хетарехь, 58 -ннан кхел еш схьабогIу суьдхой кху исс шарахь кхиина, шайгара дуккха а гIалаташ дийлийта. Цундела бехкебечийн гергарчара боху, оцу кхелах бусулба нахана тIехь гIелоен инструмент йина Iедало. Ерриг Оьрсийчохь а цецйоккхуш дов ду Нальчикехь луьстуш дерг. Амма хууш дац, дов чекх маца доьрзур ду, хIун къинойш тIехьерчор ду гIаттамхошна.

XS
SM
MD
LG