ТIекхочийла долу линкаш

Ким Чен Ын дийна ву


«Нодон синмун» цIе йолчу Къилбаседа Корейн пачхьалкхан газето шинарийдийнахь массех сурт тоьхна шен агIонтIе къоман лидер Ким Чен Ын гойтуш. Iасанца лаьтташ ву корейхошна ганза 40 дийнал сов хан яьлла мехкан куьйгалхо. Велавелла гойтуш ву иза шен гIоьнчийн гонехь.

31-тта шо долу Ким Чен Ын гуш вацарна, цунна гонаха дуккха а эладитанаш даьржинера. Корейхоша дуьйцура, Компратин лидер могуш вац бохуш. Къилбаседа Корейн куьйгаллерчу хьостанаша хаам барехь, компартино ларвеш ву иза, ког лазийна хиларна.

XS
SM
MD
LG