ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Карара Зама" - Маршо Радион телевизион


Телевизионан керланийн программа схьайиллина оьрсийн маттахь шинарийдийнахь. Иза лерина ю Оьрсийчуьрчу а, цунна гонахарчу а мехкашна. Iалашо ю Оьрсийчоьно яржаечу дезинформацина дуьхьал бакъдерг даккха.

«Карара Зама» цIе йолу и программа юкъахь схьайиллина Маршо Радионой, «Iамеркан Аз» радионой.

(http://www.currenttime.tv/archive/politics/latest/17171/17172.html).

Цо юкъарлонаш лелор ду Советан Iедал доьхча шаьш евллачу пачхьалкхашкарчу телевизионашца. 30 минотехь хир ю цуьнан дийнан эфир. Оьрсийчохь йовзуьйтуш йоцу информаци яржон Iалашо ю керлачу проектан.

Телевизионашкахула а санна, цуьнан программаш хьовсалуш хир ю интернетерчу Ю-тубехь а. ТIедогIучу шарахь кхин алсам боккхур бо цо шен болх спутникан а, онлайн а телехьожийлан кепашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG