ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаьжой цIехьабоьрзуш бу


Маккара, Мединара цIехьабоьрзуш бу нах. Дуьххьара кеманашна тIера биссинчара дийцарехь, кхушара вуно йовха яра СаIуда Iаьрбийчохь, амма хьаьжой баккхийбе шайн парз кхочушдан аьтто баьлла. Ши эзар ялх бIе стаг ву Джиддера цIакхача везарг. Стохкачул цхьа эзар кIезиг меттиг еллера Нохчийчуьра хьаьждан баха луучарна – Макка-Мединара цхьадолу маьждигаш тодеш, къевлина хилар дара цуьнан бахьана. ХIара кIира довш цIабоьрзур бу берраш хьаьжой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG