ТIекхочийла долу линкаш

Стенна иккхина Мударов Апти?


Нохчийчоь -- Мударов Апти иккхина меттиг, Соьлж-ГIала, 5ГIа2014

Нохчийчоь -- Мударов Апти иккхина меттиг, Соьлж-ГIала, 5ГIа2014

Соьлж-ГIалахь, ша а оьккхуш, пхи полисхо вийна 19 шо долу Мударов Апти, кхечу накъосташца цхьаьна, цо зулам дале денош хьалха лаьцна, ШаIми-Юьрта йистехь сийсазвина хилла полисхоша, ницкъаша маж дIаяьшнера цуьнан, дуьйцу Нохчийчохь.

Кху ГIадужучу-беттан 5-чу дийнахь Соьлжа гIалахь дина эккхийтар дийцаре дечуьра охьадуьллуш дац юкъараллехь и бохам баьлла итт де даьллашехь. Вуно морзахдуьйлуш ду и талор хьокъехь официалан дуьйцург а, бакъонашларьярхошна а, могIарерчу нахана хетарг а.

Полисхошна юкъа а воьлла, ша леш Iожалла тIеэцначу Мударов Апти хьокъехь урхаллехь болчара, и ша цхьаъ хилла, аьлла, къастам боллуш дIахьедар динехь а, чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин хьостано хааме даьккхина, и эккхийтар дайтинарш шайна муьлш бу хиъна аьлла. И цIарца буьйцуш боцу куьг бехке бу бохурш хьулбелла меттиг къасто, тIаккха уьш схьалеца я байина дIабаха лехамаш бу боху цIе яьлча дIахьуш.

Цу эккхийтарна гонах марсаюьйлуш лаьттачу гIовгIанехь кIезиг дац шеконах дуьзна къамелаш а. Цхьаболчара шеконе дуьллу, ур-аттал, полисхой а бойуш, Iожалле вирзинарг Мударов Апти ву бохург а. Ма-дарра аьлчи цу талорца доьзна хеттарш массехазза а сов дуьйлуш жоьпел.

Цхьаболчара кхетореххьа-м ницкъаллин структурашна бекхам беш,леррина чIир оьцуш дина эккхийтар ду полисхой байинарг. Ишта хьажа-м болчарна хетарехь, Iедалдайша бахахь а, Iожалхочуьнан Iалашо хиллане а ца хилла концерте баьхкина маьрша нах. Иза дехьа вала а ца гIоьртина. Цо ма-воддара низамхошна юкъа а вахна, эккхийтина, хьалххехь дуьйна кечйина, шен тIоьрмиг чуьра хIоъ-бомба. Иза чIир оьцуш, бекхамна санна дина талор хилар билгалдоккху Хьалха-Мартанан кIоштан яхархочо Кулсума а. Шена хезначух цо ишта дуьйцу.

Кулсам: « Цхьана агIор кегийрхойн бехк бац цкъадолчунна дуьхьало йича а. ШаIмин юьртахь Iаьржа тIеман барзакъ дуьйхинчу Iедалан белхоша, некъахой сеца а беш,кегий нах охьа а бохуш, машенаш тIера, дуккха а нехан мажош яьшна боху, аьртачу лезвешца. ВогIург а.воьдург а сеца а веш ишта сийсазбина. ГIала эккхийтар динарг а нисвелла боху церан куьйга кIел дийцарехь. Массо а мА вац вахабхо а.бандит а. Цхьаволчуо Дела дуьхьа аьлла мелана лелош мА ю маж. Массо цхьана могIара лара ма ца веза…»

Соьца Соьлжа-гIалахь нисбеллачу бохамах а, къамел деш йолу Кулсам тешна ю ницкъаллин структурашкахь болчу Iедалан белхоша харцонаш лелор бахьнехь лелхаш ду цхьадолу зуламаш аьлла. Цо дийцарехь Нохчийчохь маьрша дац хетарг аьлла шен лаам дIабовзийта а, долчу хьолах бакъдерг дIаала а.

Кулсам: « ХIокху дуьненчохь мичча меттехь а маьрша ду хетарг дIаала. Дош ала йиш йолуш ду. Кху Нохчийчохь и аьттехьа а дац. Массо кхоьруш ву-кх. Адам ларлуш ду-кх.Бехк боцуш етта а тарло ,чуволла а тарло. Цхьа бахьна а доцуш адамо адам оьккхуьйтур дара аьлла а ца хета суна. Iедалехь болчара нийсо лелош хилча и хир дара аьлла а ца хета. Iедалехь болчара, шаьш Iедалехь буй а хууш нахана некъ маьрша бита безар бехк болуш а,боцуш коча а ца гIерташ, массо кхеро а, Iадо а а ца гIерташ, цхьатерра бехван а ца гIерташ. ЛадегIамехь дукха адам ду. Адам сийсаздар,аьшнаш дар дукха ду…»

Нохчийчуьрчу хьолах соьца къамел диначу ТIехьа Мартанан кIоштерчу Кулсуман санна дог-ойла ерш цхьаъ,шиъ хилла ца Iа. Цара тидарехь ондда бух болуш бу хIума ду итт де хьалха дина эккхийтар а, нисса шо хьалха Соьлжа кIоштан Серноводск олучу Михаласкерчу полисхойн урхаллин уьйтIахь дина талор а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG