ТIекхочийла долу линкаш

Путинан а, Порошенкон а цхьаьнакхетар


Кремло хаамбарехь, Оьрсийчоьнан а, Украинан а президенташа Путин Владимирий, Порошенко Петроссий бийцаребина, Донбассехь машар меттахIотторан некъаш. Шина лидеро бартбина, Миланехь еарийдийнахь-пIераскана «Ази-Европа» саммит йоьдучу юкъанна бертан хьокъехь а, Украинана оьрсийн газ йохкарх а долу дийцарш дIадахьа. Кху аьхка Киев буьззина мах дIабала ца ларорца доьзна, Оьрсийчоьне лахбира Украине хьажочу газан барам.

Оьрсийчоьнан газ Украинах чекхйовлучу биргIанашкахула шайн мехкашка кхочуш хиларе терра оцу хьолана саготта бу Европера куьйгалхой а. Цундела цара сатуьйсу Оьрсийчоьнанний, Украинанний конфликт диканца ерзаре.

XS
SM
MD
LG