ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман буьйранчашца къамел хилла Обамин


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака 20 пачхьалкхан тIеман буьйранчашна хьалха кхаарийдийнахь дIахьедина, ша саготта ву Туркойчоьнца долчу Шемин дозанехь, Кобани-гIалахь, «Исламан Пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанаша маьршачу нахана тIехь латточу къизаллах, аьлла. Штаташа цигахь ден тохарш кхин а дIадахлур ду, бохура цо.

Вашингтонна генайоцчу Эндрюс авиабазехь и къамел деш Обамас элира, Iамерко а, цуьнца цхьана коалицехь йолчу кхечу пачхьалкхаша а Иракъехь, Шемахь йолийна тIеман операци сихха йоьрзучех яц, аьлла.

XS
SM
MD
LG