ТIекхочийла долу линкаш

Хаамийн гIирсашна духьал керла низам


Кхарийдийнахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира куьг яздина хаамийн гIирсашкахь арахьарчу мехкийн капитал 20 процентал совъяккха ца магаде низам. Иштта доьхку цу низамо Оьрсийчуьрчу газетах, телевизионах, радиох кхечу мехкан вахархочо доладар а.

Оьрсийчуьрчу хьостанаша тоьшалла до, девзаш долу «Ведомости», «Коммерсант» газеташ а, «Форбес» журнал а, иштта кхин а ткъе иттех хаамийн гIирс арахьарчу ахчанаха арадуьйлуш ду, бохуш. Арадаьллачу низамо прессехь йисина дешан маршо а хьошу, аьлладу Оьрсийчуьрчу журналисташа ден аьрзнаш.

XS
SM
MD
LG