ТIекхочийла долу линкаш

Сербаша къамел догIу Путинан


Пачхьалкхан визитца Сербе вахана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Мехкан куьйгалхоца цхьаькхетар а, Германерчу фишистех мохк мукъабаьлла 30 шо кхачар а билгалдоккхучу тIеман гайтамехь дакъалацар а ду программехь. И даздар деа денна хьалхадаьккхина Путин варца доьзна. Европах дIакхета луучу Сербино оцу кепехь гойту ша динца а, экономикехь а, геополитикехь а Оьрсийчоьнца латточу гергарлонан хатI. Белграде ваххале ша динчу къамелехь Путина Сербин куьйгалхой а хастош, критика йира Малхбузенна.

Сербийн «Политика» газетна интервью луш, Оьрсийчоьнна санкцеш кхайкхор емалдеш, санкцеша галйоккхур ю шен Европин экономика, бохура Путин Владимира. Малхбузенца эгIна юкъаметтигаш хьахош цо бохура, «дуьнено дицдойла дац, зарратан герз долчу мехкийн бартъэгIар мел кхераме ду».

XS
SM
MD
LG