ТIекхочийла долу линкаш

Эболан вирусна духьало еш


Эболан вирусна шогга дуьхьало йийр ю Iамеркан Цхъьанатоьхначу Штаташа, аьлла Обама Барака шен министрийн кабинетца кхаарийн сарахь хиллачу цхьанакхетарехь. И ун Iамерка атта кхочийла дац, бохура цо. Иштта, Обамас телефонехула бийцаребина Ингалсенан, Францин, Германин, Италин куьйгалхошца Эболан вирусца юкъахь латтон богIу къийсам. Эболан вирус кхеттачу стагна дарба лелийначул тIаьхьа и ун лаьцна Далласехь лоьралла динчу зудчо. Оцу лоьрана герга мел нисбелла нах зуьйш бу тахана лоьраш.

XS
SM
MD
LG