ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан Iедалера юьйлучу харцонех уьдуш дукха адам даьлла махках, ялхайо цуьнан шогалла массара а санна. Адамалле, нахаца лараме хуьллучу семантIе хаалур вуй-те Нохчийчуьра хьаькам, боху хаттар ира лаьтта тахана. Цунах нахана хетарг зийра маршо Радионо.

Iедал дайх, хьаькамех ийза а ца луш, бакъдерг юьхьа дуьххьал дIа а олуш, болх бан а, ваха а тарлой карарчу хенахь Нохчийчохь? Хьашто юй махкахь хьаькамех кхера а, царна хестамаш бан а? Нагахь , хьаькам харцо кхийдош велахь, иза нисван, низаме веха, жоьпе озо некъаш дан а дуй те?

Iедалехь болчарех дозаделлачу цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш лохуш зеделларг цхьаъ ду-дукхаболчара санехь лору, хьайгара хIума а ца долуьйтуш, Iедалехь болчарех ларвалар. Ма-дарра аьлчи нийсо, бакъо толийта некъаш гуш берш кIезиг бу. Хьаькамийн хьокъехь ишта къамел нисделла с ан Новр кIоштерчу вахархочуьнца Муртазца. Цо ерриг Оьрсийчохь тергаллучу хьолаца зIе а ялош, долийра шен къамел.

Муртаз: « Кху чохь стенна дуьйцу ахь Оьрсийчохь а гIур бац болх дIа ахь хьаькам хьоьстуш вацахь. Гарант Конституци президент ву бохуш хабар-м дуьйцу… И галйоккхурш уьш шаьш бу-кх. Стенна аьлчи шаьш резабоцург цара емал а вой , бехвой дIавоккху. ТIехь ала хIума а кардо.

ХIинца санна и къаьънаш оьцурш, цаьрга марзбелла Iедалехь болу нах суна цкъа гина а бац, буьйцу а ца хезна. Советан Iедал долуш и саннарг гучуваьлча балхара дIа-м муххале а воккхура, чу а вуллура. Цу могIарера хьаькамаш низаме беха некъ Оьрсийчохь бан а бац. Неуккъа-м бу,амма и некъ цу хьаькамийн карахь бу-кх. Тхан ОЬрсийчуьра даха меттиг а яцца. Цо бакъо елчий бен кху чохь са а ца доккху-кх».

Соьлжа гIалин Старопромысал кIоштан цхьана урхаллехь ха деш ву 60 шо долу Ибрехам. Цо «Кхийринчун нана йилхина яц» бохучу маьIнехь, кицанаш а далош, дийцира Iедал карахь долчеран хьокъехь шена хетарг.

ИбрахIим: «Хьаькамех кхерар нийса доций а, харцо кхийдош волу хьаькам жоьпе озо везий а хьанна ца хаьа? Амма хьо и дан воьлча, цо хьо хьаьшна дIавоккхур хилча,цунах кхера ца кхийрийча волий миска стаг?

Iедал Iедал а долуш, низам лелаш долчохь бу бакъ воцу хьаькам а, маьхькIамхо а нисван некъаш, ткъа кхузахь дац. И гIолехь дуй а хууш,коьртехь болчарна хастамаш а ца кхоош Iаш бу дукхахберш. Кхин харжам бан а бац. Хьайна ладегIам а, сингаттам а боцуш ваха лаахь, хьаькам харцвеш, Iедал нажжаз дешша-м муххале а, хьайгара дош мА хазийтахь. Тахана кхин некъ бац. Тхан дайша лаа ца кхоьллина, хетарехь хIара кицанаш: «Багара далале дешан да ву хьо, багара даьлча лай ву», «Аьлларг дети делахь,ца аьлларг деши ду».

Iедалдайн а, хьаькамийн а хьокъехь къамел мел динчу бахархоша билгалдоккхура, махкахь шайна хIуъу а мага а могуьйтуш, дагадеънарг чекх а доккхуш, каде хьийзаш , тайп-тайпана ницкъаллин структураш хилар. Цара кхеторехь церан декъашхой бу уггар хьалха низаме беха безарш. Наха дийцарехь Iаткъам бийриг ду шо-шаре мел долу а цара беш болу тIеIаткъам лахбалар мета кхин а чIагIлуш хилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG