ТIекхочийла долу линкаш

Стенна ца беза мигранташ, ...хIун бехк бу кавказхойн хелхаран?


СадоIуш бу Таджикистанера баьхкина гастербайтерш, Москох, 18Тов2011

СадоIуш бу Таджикистанера баьхкина гастербайтерш, Москох, 18Тов2011

Оьрсийчохь болх беш ву 4 миллион мигрант. Шайн пачхьалкхашкахь лаьттачу белхан къоьлло Москох кхачийна уьш балебевлла бухарчу нахана. ХIунда бац безам мигранташка Москох? Оьрсийчохь уггар хала, лараме боцу белхаш кара а эцна, рицкъ лоьхуш лелачу мигрантийн хIунда яц бухарчийн йоллу бакъонаш?..

Кху тIаьххьарчу шерашкахь боккха карчам хилла Оьрсийчоьнан демографехь. Коьртачу декъанна болх лохуш баьхкинчу наха бо и хийцам. Москох терахь билггал хууш дацахь а, ала ду, миллионашкахь бу бусулба мехкашкара мигранташ. Кесст-кесста лелха девнаш царний, бухахь бехачу наханий юкъахь. Оьрсийчохь ца беза тIебаьхкинарш, кIелдIашхула хьоьжу воьду-вогIуш новкъахь дуьхьалнислучуьнга, цатешарца, цабезамца.

«Къаьмнийн юкъаметтигаш» цIе йолчу дуьненаюкъарчу талламийн организациной, Оьрсийчуьрчу «Ромир» юкъараллой шовзткъе ткъесна пачхьалкхана хIоттийначу рейтингехь безткъе боьалгIа меттиг дIалоцу Оьрсийчоьно мигранташка бухарчу нехан болу ларам бустуш.

Мехкашкахь бинчу талламца хаттар дара хIоттийна: тIебаьхкинчаьрца гамо ю хьан я бен а дац хьуна, аьлла.

Хаттар динчу халкъан ах декъо шайгара цабезам бовзийтина. I9 процент адамаша шайна новкъарло ца йо мигранташа аьлла. 12 процент наха жоп доцуш дитина хаттар.

Оьрсийчоьнан миграцин урхалло бахарехь, Оьрсийчохь тIебаьхкинчийн терахь 4 миллионал совъоьккхаш ду. Дукхахболу тIебаьхкинарш Юккъерчу Азин къаьмнех бу. Оьрсийчоь цара бусулба пачхьалкхах таръеш ю боху Москох кхиинчара.

Алссам бу ДжамшудгIар, РавшангIар. Царна юкъахь халла къаьста ИвангIар, НиколайгIар. Кхерам бу, боху цара, 10-20 шо даьлча Москох мэр Iаьржачу аматехь, Юккъерчу Азера схьаваьлларг хила а.

ХIунда леста адам къаьсттина Оьрсийчу? Стенна ца беза бухарчарна мигранташ? Хир юй-те царна юкъахь интеграци?

ЦхьамогIа хеттарш дира Маршо Радионо Оьрсийчоьнан Iилманийн академин социологин институтан профессоре Мукомель Владимире. Цунна хетарехь, интеграци дIайоьдуш а ю, хир а ю, бухарнаш тIебаьхкинчарех дIаоьш.

Мукомель: «Масситта бахьана ду мигранташ Оьрсийчу бахкаран. Уггар коьртаниг - Оьрсийчоххьий, уьш бехачу пачхьалкхашкаххьий белхан алапийн йолу йоккха башхалла. ШолгIа бахьана - Оьрсийчохь белхан меттигаш алссам хилар. Цхьаберш шайн Iедална резацахиларца богIу, вуьйш Iер-дахаран халонаш ца товш, ца ловш. Царех цхьа дакъа белхан меттиг лохуш хиларал совнаха, кхин а шайн цхьацца проблемаш нисъян догIу.

Масала, шайн белхан хаарш лакхадаха, лакхарчу доьшийлашкахь шайна корматалла караерзо. Шайн дахар дIанисдан а, зуда яло а, маре яха а Iалашо йолушберш а хуьлу цаьрца. Оьрсийчоьхь мигранташ хIунда ца беза? Цкъа делахь, уьш цхьанхьа а ца беза! Ткъа Оьрсийчохь хIунда ца беза аьлча, ксенофоби, мигрантофоби вовшийн йозуш ю, пачхьалкхо, Iедало, политикаша юкъахь кечбина идеологин кхача бу иза. Куьйгалхойн белхан хатI, кепаш гойту цо. Иштта кхоллалуш ю стаге йолу дог-ойла а. Цундела, цара кхоьллина васт ду адмаша тIеэцнарг.

Интеграци хир юй бухарчарна а, тIебаьхкинчарна а юкъахь аьлча - хир ю. ХIинца а йолуш ю. Дукхахболчу мигранташна шайна а хаало, шайх схьаийна, ца къехкаш бухахьберш».

Оцу институтехь профессор волчу Кузнецов Игора миграци туьду «культуран агресси» санна. Цунна хетарехь, массо а Кавказан къаьмнаша деш долу исбаьхьа, доттагIаллин, дог гIаттон хелхар тахана халкъашна юкъа дов тосучех ду.

Нохчийн яздархочунна Бексултанов Мусана хетарехь, и дозу нохчийн хелхаран кепаш кегийрхоша маьттазчу хотIе яьхна хиларца а, дайша оьзда динчу хелхаран хазаллах дисинарг кIезиг хиларца а.

Дуккхаъчу тергамхошна хетарехь, цкъа а хир яц оьрсийн кхечу къаьмашца интеграци, хир яц иза вукхеран оьрсашца а. Цуьнан бахьана дозу агIонашна вовшийн синбахамаллаш, кхетамаш, амалш, лелар-алар, дуккха а кхиболу а битамаш товш бацарца а, уьш вовшех болийта, вовшашка безам бахийта Iедало деш хIумма а дацарца.

XS
SM
MD
LG