ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ази - Европа" саммитехь


ПIераскандийнахь «Ази-Европа» саммит йоьдучу юкъанна Италин премьер-министра Рензи Маттеос дIахьедира, Оьрсийчоьнан а, Украинан а президенташ Путин Владимир а, Порошенко Петро а цхьанакхеттачул тIаьхьа шега тешам боьссина Украинера конфликт диканца йоьрзург хиларх, аьлла.

Амма Германин канцлера Меркел Ангелас цхьа а пайде гIулч яц оцу агIор яьккхина, Кремло мелхо а Малхбузе бехкейо Украинехь сепаратисташий, Iедалой вовшашца ден дийцарш хала дIадоьлхуш хиларна, элира.

Украинан президента Порошенко Петрос а бохура, мелла а пайда болуш къамел дира шаьш Путинца. И къамел доьзна дара Украине хьажочу газах а, Киев дIадала декхаре йолчу миллиард долларх а.

Ткъа Путинан пресс-секретара Песков Дмитрийс, «хала а, цакхетамаш болуш а» доьлху дийцарш, элира журналисташка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG