ТIекхочийла долу линкаш

Азербайджанерчу бакъоларъярхойн маршонах


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаментан векалша хаам бо, шаьш Азербайджанан куьйгалхошца къамелаш дIахьош ду оцу махкахь бакъоларъярхошна белхан маршо кхачорах дуьйцуш, аьлла. Департаментерчу демократин а, адамийн бакъонашкахула а йолчу бюрон буьйранчин гIовса Мелиа Томасна хетарехь, Азербайджанан Iедало харцонаш йоху махкарчу бакъоларъярхошна дуьхьал.

И къамел дира Мелиа Томаса Маршо Радионой, «Iамеркан Аз» радионой деношкахь схьайиллинчу «Карара Зама» телевизионехь. Адамийн бакъонаш хьоьшу Узбекистанехь а, цига а гIур бу Штатийн Пачхьалкхан депатаментан белхахой, бохура Мелиас.

XS
SM
MD
LG