ТIекхочийла долу линкаш

Нахалаяьлла десте набахте хьажийна


Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштан кхело 9 шо хан тоьхна набахтехь яккха шен мерайоьIна, 4 шо долчу Юсупова Мархина, къиза еттарца Нохчийчохь гIараяьллачу Бисултанова Маринина. Корта а, белш а лазийнера беран цу 23 шо долчу зудчо. Иштта, гучуделира цо кхин а кхечу мерайоьIна Юсупова Мархин йишина а йиттина хилар.

Лоьраша тоьшалла дира десте Байсултанова юьззина кхетамчохь хилар. Иза къера а ца хилла шегара даьллачу зуламна. Шена тоьхна хан токхур ю цо набахтин юкъарчу хьелашкахь.

XS
SM
MD
LG