ТIекхочийла долу линкаш

Иракъ: Ницкъаллин урхаллашка - керла буьйранчаш


Иракъан парламенто шоьтадийнахь ши министр – тIеман а, чоьхьарчу гIуллакхийн а – къобалварца юьзина Iедалан дайх ал-Iабади ХIайдар коьртехь волу министрийн кабинет. Полицин куьйгалле хIоттийна шиIато ал-ГIаббан Мохьаммад Салем. Суннатойх ву даржехь чIагIвина тIеман министр ал-Iубейди Халед.

Оцу шина а министран дезар ду тIамца «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу тIемалойн тобанашна дуьхьаллатта, церан карахь мехкан малхбузера а, къибаседанера а даккхий дакъош хиларе терра. Бутт хьалха премьер-министро кховдийна кандидаташ тIе ца эцнера парламенто. Ткъа хIинца хIара шиъ, ал-ГIаббан а, ал-Iубейди а, къобалвина.

XS
SM
MD
LG