ТIекхочийла долу линкаш

Хатаев Хьусайн: "... Ца карош висина и маьIна хьаьхна"


Поэт, гочдархо Хатаев Хьусайн

Поэт, гочдархо Хатаев Хьусайн

Вайн дахар хаттар ду жоп дала хала,

вайн Деле кхойкхуш ду стигала хьала,

Вайн хила ма деза дахарна тIера.

Йиш ма яц вай хила цкъа цунна хийра.

Мел хьаьжнарг схьакаро дахаран маьIна,

ца карош висина и маьIна хьаьхна.

Вай кхиар кхетийча, вайн дала деза.

Вайн карх- ткъа и дан дог ма дац реза.

Цу тайпа дIавахар осала хета.

Цу гIулчах ойлаярх кхета ца кхета.

Ду иза вон дина, цхьа вадар санна,

дIалистар тIехьдуьтуш кхечунна цхьанна.

Ткъа цу тIе кхин дIадерг бода бу вайна.

Цхьа-а юха ца веъна, Iожалла яйна.

Цундела шаьлтан мукъ эрна ма къийлахь,

дерриг а кхетадеш, вахар ду сийлахь.

Къонахийн дог-ойла ишта ма хилла,

къонахех хаьдда хьо ма лела тилла.

И дешнаш яздинарг Хатаев Хьусайн ву, махкахь дика вевзаш волу байтанча а, гочдархо а. Цуьнан шатайпа хатI лара догIу- цуьнан байтех кхета атта хилар а, байталлин бакъонаш ларьеш, массо аз, дешдакъа, шен-шен меттахь дIа а нисдеш, ойлане а воккхуш, кIорге а йолуш, цо исбаьхьаллин ойланаш ялхор а.

Мел возавелла хила веза дешан говзанча Iедалх? Мел маьрша хила веза иза шен хьажам,дог-ойла «нахала яккха»? Цу кепарчу хеттаршца доладелла тхойшиннан къамел.

Хатаев: «Муьлхха а кхоллархо маьрша хила веза. Цхьанне кепара иза Iедалх возавелла хила везаш вац. Нагахь и возавелла велахь иза маьрша вац. ТIаккха цуьнан кхолларалла хила ма езза кхолларалла яц. Дуьненан гIиллакх ду иза схьадогIуш. Дерг ду ала дезаш ву иза…»

Маршо Радио: Хьуна хIинццалц вевзина яздархо тахана Iедалдай хьоьстуш ,базбеш, хьесталуш го хьуна. Цунах муха кхета веза?

Хатаев: «Шен са духкуш ву-кх иза. МогIарерчу стага деш хилча-м кхета а лур дара иза ,ткъа яздархочо и деш хилча лартIа дац. Стенна аьлча, цо байракх санна айина хIума ма ду яхь хила еза, маьрша хила веза. Са дохкар ду-кх кхин хIумма а дац. Iедалдайн бага хьежа, цаьрга ладегIа бакъо яц яздархочуьнан. Ас ца боху иза тIом бан, лата аравала веза. Цо дерг ду ала деза исбаьхьаллин маттаца».

Маршо Радио: Хьусайн, хьан дуккха а ю заманан, кхолладеллачу хьолан мах хадош байташ. Юкъ-кара вайшимма байт а йоьшуш къамел дича…?

Хатаев: «ХIай,Нохче, къайленан болам,дависа цкъа кхиа хьох,

Гур бара суна сайн толам,гIайгIа дIакъаьстина хьох.

Малх богу бIов марахь шена. Нахана бен доцу сурт.

Ца оьшу теш хилла хенан, хи йистехь деха буо-чурт.

Кхайкхам бу техкарехь хьаннийн, хишча берг кIо узам бу.

Лазам бу кIоргаллехь Iаннийн, бIаххьашкахь тIех собар ду.

Синкъоьлла эшош долу хIумнаш ма дуй уьш. Синкъоьлла чIогIа ю. И дIаяккха кIезиг къахьоьгу. Тхуна и мохь а ца хета, Iотта а ца ло. Цхьана бусалба стаге хаьттина хилла немцочо «Дела хилар тоьшалла мичахь карадо хьуна?» Бусалбан стага жоп дела: -ХIора денна а гIоттуш,чубузуш а болу малх бу суна цуьнан тоьшалла. И ойла дагахь кхолладелла хIара могIанаш.

Ткъа Малхбале яхна Iана,

гIатта боьлла можа малх.

ХIиттош цIен бос литта ана,

хьалагIаьтти маьлхан чалх.

Цо цIов цIеран боккху цхьалха,

йоккхуш цунах аса ал.

Дашо зIаьнарш хьоьцу хьалха,

хьоьстуш аре хIора хал.

ЗIаьнарш луьйсуш, лаьмнаш,Iаннаш,

царлахь къега дато хи.

КIайн кIур туьйсуш, Iаьмнаш,хьаннаш,

жовхIар хилла лепа тхи.

Кхоллараллица, йозанца сайн йолу юкъаметтиг, муха нисло иза,хIун маьIна ду цуьнан бохучу ойланца, и ойла къасто Iалашонца яздина ас хIара могIанаш.

ТIаьхьа яьлча, гIайгIа текхарг хилла,

дуьне гатдеш, бIарзьеш ойла сан,

Къолам кара йоьду гIайгIа тилла,

со къайлено вуьгуш гена дIа.

МогIа буза дешнаш гулло тайна,

аьрха ойла кепе йоьрзуш ю.

Ломах волучунна санна сайна,

башха синтем бовзарх тешаш ву.

Хьан цхьа ойла хилча, и ойла цхьана эшшара а йоцуш, яьржина мА йогIий. Мухха делахь а и ойла битаме яло езаш нисло. Дагахь а доцуш сабIарзло, цхьа хIума ала лаьа, дIахьийза хьан ойла,схьахьийза…Ишта хIума хета суна и байт.

Нохчийн мохк, нохчийн зама аса муха йоьшуш ю, муха туьду, муха кхетайо. Со цу заманах ,махках муха кхета, дозалла дан йиш йолуш,йоцуш муха ду хIума ас туьдуш дерг,далхош дерг,хиндерг муха го …Царна жоьпаш каро санна язделла-кх хIара могIанаш.

Сан ,Нохче, хьо Делан кхаъ бу,

кхетоза цIе йохуш буьйцург.

Я буйнахь йилбазан тур ду,

ницкъала халонца туьйсург.

Хьо зов ду заманан маьрша,

ца хедаш схьадогIург дийна.

Хьо са ду седанан аьрха.

Боданца тIом бийриг тийна.

Ца деза къамелаш нехан,

хьох лаьцна цхьа шалха, деха.

Цкъа язйой хьо хьалайоккху,

цкъа лахйой хьо хьоьшуш бохку.

Ткъа хьаьжнарш хьан къайле йовза,

йозанна кхоьллинарш говза,

Хьо толлуш похIманчаш хилла.

Церан дош ца дайна тилла.

Хьан къайле- маршоне некъ бу.

Цу новкъахь хьан болар цхьаъ ду.

Белахь а некъ хьайниг хьийзаш,

елахь а анайист сийсаш.

Я нах хьан лааман гIарбаш,

цундела массо а кхаьрдаш.

БогIу те баьржина,бевдда,

ирчачу чаккхена хьаьвдда.

Ткъа безарг кхоллам тIех атта,

маршонца ца дозург дог,

Вуьсур ву буо хилла латта,

ца кхетош ахь боккху ког.

Цхьа доза а тухуш, хаддош. хIара ю-кх сан Нохче ала хала ду. Хьан хаьа и мел ю. Хьехош бацахь а кхузахь ас бах, «ткъа хьаьжнарш хьан къайле йовза,йозанна кхоьллинарш говза».

Ас Лермонтов а вуьйцу, Пушкин вуьйцу, кхиверг а вуьйцу. Йохка-эцар чIогIа нохчаша юьхьарлаьцна хIума ду. Цунах дийца гIоьртина со кху дешнашца. Эпиграф санна дешнаш далийна къурIан тIера «Бакъдолуш Далла ца беза совбуьйлурш».

Массо кхаба цунна генахь Дала,

шеко йоцуш кхин ду декхар вайн.

Йохка-эцар хилла боккха бала,

муьлхха а хуьлу мацца а цуьнан лай.

Юхку оьцу хIуъу а ахь цIе йоккхург,

дегI а, эхь а, кийла юзуш са.

Эхь-бехк лара аьттехьа цадогIург,

новкъа ду и йохка-эцар ян.

Цаьрца вацахь ,Iовдал вина хийла,

вуьйцур ву хьо базар ечу наха.

Церан тайпа са къе долуш, хийла,

доьрзур ма ду латта тодеш, аха.

Хьайн ваша,йиша,гергарниш, хила тарло марзо - массо хIума а дицдина, ахь и лелош хилча иза хьуна жоьжахате а ю,хьуна дуьхьал дер долуш хIума а ду.

Маршо Радио: Цу могIанаша хьаечу ойланех цхьаъ ю-кх хIара а: Нохчийчохь исбаьхьаллин литературах а йиний те йохка-эцар? Хьуна хIун аьлла хета?

Хатаев: «Деллахь ян ма йина хьуна. Цхьаволчу хаьа ша цхьа хIума язйича шена цунах са хир юй а, пайда хир буй а. леррина цунна язйийраш бу. ТIаккха бакъ кхоллараллех херло иза. Цуо цу меттехь шен са доьхкина. Бахам, хьал-таро езар аьлла массо хIума а лело аьлла ма дац...»

XS
SM
MD
LG