ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Суданан президент хила дагахь ву Башир Омар


2015-чу шарахь Охан-баттахь Суданехь хир болчу президентан харжамашкахь дакъалоцур ду хIинца цу мехкан президент волчу Башир Омара. Цу дарже иза юха а хьалхатеттина Суданехь Iедалехь йолчу партино. Башир лоьхуш ву Дуьненаюкъара криминалан кхело.

Цунна бехке дуьллуш ду Дарфур регионерчу бахархошна тIехь геноцид яр а, тIеман зуламаш дар а. Суданан президенто и бехкаш шена тIе ца буьту. Ткъа Судан реза яц Дуьненаюкъара криминалан кхелаца юкъаметтигаш лело. Башир Омар президент ву Суданан 1993-чу шарахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG