ТIекхочийла долу линкаш

Внуковохь Total компанин президент де Маржери Кристоф а вуьш, кема дохийна стаг малар мелла хилла


Москох Внуково аэропортехь ло дIадоккху машен тIетоьхна тIемадолуш долчу Францин мехкадаьттан компанин кеманна. И бахьана долуш вийна кеманна тIехь хилла волу 4 стаг, Total компанин президент де Маржери Кристоф а, кхин а кхо пилот а. Иза нисделла вуно чIогIа дохк хилар бахьана долуш аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Ространснадзор олучу урхаллан векалша.

Хилларг бахьана долуш таллам бу дIахьош. Цу юкъаозор болуш ву Францера говзанчаш. Оьрсийчоьнан талламан комитетан белхахоша лаьцна ло дIадоккхучу машенна урхалла деш хилла волу стаг. Total компанин президентан кема дохош иза тIех сов малар мелла хилла.

XS
SM
MD
LG