ТIекхочийла долу линкаш

Де Маржерин кема дохийна стаг левина талламхоша


Москох Внуково эропортехь Total мехкадаьттан компанин куьйгалхочуьнан кеманна тIе машен тоьхна волу стаг левина талламхоша. Цо дийцарехь, иза ларамаза нисвелла хилла кема гIоттучу асан тIехь. Ло дIадоккхучу машенна урхалла деш хиллачу 60 шо долчу Мартыненко Владимира чIагIдарехь, цунна гуш а, хезаш а ца хилла шена тIедогIуш долу кема.

Хууш ма-хиллара, Шинарин буса Москох Внуково аэропортехь тIемадолуш долу «Фалкон» олу кема тIекхетта ло дIадоккхучу машенна. И бахьана долуш вийна виъ стаг. Царан юкъахь ву Францин Total мехкадаьттан компанин куьйгалхо де Маржери Кристоф.

XS
SM
MD
LG