ТIекхочийла долу линкаш

Керри: Маршонна кхерам лаьтта Европехь а


Кху дуьнентIехь дуккха а меттигашкахь, Европехь а цхьаьна, кхерамехь ю маршо аьлла дIахьедар дина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Берлинехь Германин арахьарчу гIуллакхийн министрца Штайнмайер Франк-Валтерца зорбанан конференци дIахьош Керрис элира, Оьрсийчоьно Украинехь еш йолу агресси сацо еза аьлла.

Цо кхайкхам бира Москохе, Малхбузера пачхьакхаш Оьрсийчоьно Украинехь лелош дерг бахьана долуш саготта хилар баккъалла а тIеэца аьлла. Iамеркан пачхьалкхан секретаро элира, Оьрсийчоьно Украинехь лелош дерг кхечу пачхьалкхан суверинитет а, иза йозуш йоцуш хилар а дохор ду аьлла.

Шен агIор Штайнмайер дIахьедар дира, Европа юха а екъа гIертар сацо деза аьлла. Керри Джон Германехь визит дIахьош ву «Берлинера пен» бохийна 25 шо кхочуш а долуш. Иза даздийр ду тIебогIучу Лахьан-баттахь.

XS
SM
MD
LG