ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Канадин куьйгалхочо емал дина парламентана дина тIелатар


Канадин премьер-министро ХIарпер Стивена емал дина Кхаарин дийнахь цу мехкан парламентана тIелатар дар. Цкъа дуьххьара зуламхочо герз тоьхна вийна парламентана уллехь йолчу Къоман тIеман мемориал ларйеш лаьтта эскархо.

Юха цо герз диттина парламентан гIишлон чохь, ХIарпер кхеташо дIахьош а волуш. Политикашна юкъахь эшам хилла стаг вац. Полисхоша, дуьхьал герз а тоьхна, вийна тIелатар динарг. Иза ву бусулба дин тIеэцна волу Канадин махкахо. Цуьнан накъост лоьхуш ю Канадин полици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG