ТIекхочийла долу линкаш

Косовон суверенитет къобул яр дехна Сербе Хаджайс Белградехь


Еарин дийнахь визитаца Сербе вахана Косовон арахьарчу гIуллакхийн министр Ходжай Энвер. Белградехь малхбузерчу Балканашкара пачхьалкхийн конференцехь вист хуьлуш цо кхайкхам бира Сербе, шайн пачхьалкх йозуш йоцуш хилар къобулдахьара аьлла.

Ходжайна хетарехь, Сербино Косовон суверенитет къобул яр хила мегар дара машаран барт барца. Серби реза ца хуьлу 2008-чу шарахь шех дIакъаьстина Косово йозуш йоцуш хилар тIеэца. Амма Белград реза хилла цуьнца юкъаметтигаш тоян Евробертана юкъаяхархьамма.

XS
SM
MD
LG