ТIекхочийла долу линкаш

Валдайхь Iамеркина критика йина Путина


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира критика йина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу политикана. Иза цхьана агIор еш йолу диктат ю аьлла цо. И дIахьедар цо дина Валдай олучу дуьненаюкъарчу дискуссин клубан рогIерачу кхеташонехь вист хуьлуш.

Цул сов, Путина бехке йина Вашингтон терроризмана спонсоралла лелорна. Путина чIагIдарехь, Оьрсийчоь импери юхакхолла гIерташ ю бохуш дIахьедарш дар а, лулахошна тIекхийддаш ю бахар а бух болуш дац.

XS
SM
MD
LG