ТIекхочийла долу линкаш

Шайн хIусамаш йитина Украинехь 800 эзар стага


Украинехь тIеман конфликт хилар бахьана долуш шайн хIусамаш йитина 800 эзар наха. Цунах лаьцна дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. Царах 95 процент Украинин малхбалехь бехаш хилла нах бу.

Дуьненаюкъараллан мухIажирашкахула йолу урахаллан векло бинчу хаамца, 430 эзар украинахо шайн махкахь кхечу метте ваха хаийна. Кхин а 387 эзар стага шайна мухIажирийн статус ехна Оьрсийчохь. 6600 стага тховкIело ехна Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь. 581 стаг ведда Белорусе.

МухIажирашкахула йолчу урхаллана хетарехь, Украинера тIом сацаза болун дела кхин а бахархой дIабаха мегаш бу цу регионера.

XS
SM
MD
LG