ТIекхочийла долу линкаш

Евробертан бюджете лучу ахчанан барам алсамбаккха реза яц Британи


Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн финансийн министрш сихха цхьаьнакхета беза аьлла дIахьедар дина Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида. Цуьнан бахьана ду Брюссело Британера а, кхечу цхьамогIа пачхьалкхашкара а Евробертан бюджете алсам ахча доьхуш хилар.

Ша Евробертана ахча далар чIагIдийр дац ГIура-беттан хьалхара де тIекхачале, и дехар тIеэца йиш йоцуш хиларна аьлла, дIахьедар дина Кэмерона. Евробертан лидерш дехар дина Британе шайн бюджете хьалха хиллачул а алсам 20 процент ахча хьажадахьара аьлла.

Ткъа иза кхин а 2 миллиард 100 миллион евро ду. Евробертан куьйгалхоша дийцарехь, церан дехар доьзна ду Британин экономика дикачу хьолехь хиларца.

XS
SM
MD
LG