ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламентан харжамашна кийча ю Украина


«Тийналлин де» хIоьттинера Украинехь КIирандийнахь Лаккхарчу Раде харжамаш хиларца доьзна. Шоьтан дийнахь дихкина дара муьлхха а агитаци яр. Украинин парламентан харжамашкахь дакъалоцуш ю 29 парти а, мажоритаран гонашкахь дакъалоцуш болу кандидаташ а.

Цу пачхьалкхехь керла парламентан харжамаш баран бахьана ду Мангал-беттан 24-чу дийнахь «Европе харжам» олучу коалицина юкъара «Свобода» а «Удар» а олу ши парти, ара а яьлла, иза йохар.

Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнахь, Порошенко Петрос толам а боккхуш, президентан харжамаш хиллачул тIаьхьа юха а болх бан йолаелла Янукович хийцина йолу 2004-чу шарахь тIеэцна йолу Украинин конституци. Цу конституцица а догIуш Украина ю парламентан-президентан республика.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG