ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка дов оьшуш а яц, цхьанне а къелтаIа дагахь а яц


Оьрсийчоьнца конфронтаци ян гIерташ яц Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташ, амма Европехь а, Къилбаседа Iамеркехь кхерамазалла хиларца йоьзна принципаш юьуйцш цхьа а маслаIат леха дагахь дац шаьш аьлла дIахьедар дина Iамеркин пачхьалкхан департаментан векло Псаки Джена.

Иза Вашингтоно делла жоп ду Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Сочехь «Валдай» дуьненаюкъарчу клубан кхеташонехь Iамеркина критика ярна. Шаьш кхин дIа а Украинин суверинитет ларъян дагахь ду элира Псакис.

Валдай клубехь вистхуьлуш Путин Владимира критика йира Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу политикана. Иза цхьана агIор еш йолу диктат ю элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG