ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ИсфахIанехь динчу зуламо гIовттийна гуламаш


ГIажарийчоьнан ИсфахIан гIалахь мотоциклаш тIехь лелачу наха, тIе химин аьргалла а кхуьйсуш, лазийра деношкахь массех зуда. Оршотдийнахь мехкан президентан коьртачу хьехамчас Юнуси Iелас дIахьедина, химин аьргалла нахана тIекхийсар гIажаройн амалехь зулам дац, и динарш контрреволюцин элементаш ю, аьлла.

Хиллачо гуламашка бехира бахархой ИсфахIанехь а, ТIехIеранехь а. Iедало дош делла таллам ма-оьшшу дIабахьа а, зуламхой схьакаро а. Цхьаболучара дийцарехь, зударий дино ма-хьоьхху къовлабелла бац аьлла хетачара дина и зуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG