ТIекхочийла долу линкаш

Нохчий байа магадо Кремло


Нохчийчоь --Мударов Апти иккхинчу меттехь, Соьлж-ГIала, 5ГIа2014

Нохчийчоь --Мударов Апти иккхинчу меттехь, Соьлж-ГIала, 5ГIа2014

Нохчийчоьнан Iедало, куьг-бехкениг воь бохуш, массех стагна герзаш нисделла дукхазза а. Соьлж-ГIалахь полихсхо вийна бохуш вийцина Доппаев Ахьмад лохучу юкъанна вийра 3-4 жимха. Бутт гергга хьалха пхи полисхо а оьккхуьйтуш веллачу Мударов Аптица зIенехь хилла аьлла, хIинцале а вийна массех стаг. Стенна мега Iедална иштта нах хIаллакбан?

19 шо бен доцчу Мударов Аптис полисхошна юкъа а вахана, ша а леш, Соьлж-ГIалахь эккхийтар дина кхо кIира даьллехь а, говзанчаша а, бакъонашларъярхоша а, могIарерчу наха а бийцаре беш лаьтта махкахь цул тIаьхьа, цу эккхийтарца бозу цхьамогIа хиламаш: Iожалхо шеггара лелаш, ша цхьаъ хилла кхин накъост а воцуш, аьлла, лаккхарчу тIегIанахь дина дIахьедар а, цуьнан гергарчарна леца а лецна тIеIаткъам бар а, и эккхийтар дайтинарг кху беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь вийна Алисханов Аслан вара аьлла Iорадаккхар а.

Ишта я вуьшта цу эккхийтарна дакъа кхочуш ву аьлла, чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло даре дарца, цу хенахь дуьйна лохуш ву Заурбеков Мохьмад цIе йолу вахархо а. Махкахой садуург а, ладегIам алсамбоккхург а ду ницкъаллин структураша а, маьхькамхоша а юкъараллехь дIасабаржийна муьлхха а хаам мел бух болуш бу те, я бац те аьлла, бийцаребан, шеконе билла цхьана а кепара кхузахь некъ цахилар а, цу хьокъехь дийцар вуно кхераме хилар а.

Мехкан талламан комитетан хьостано дIакхайкхорца, лаца хьовзийча, Алисханов вийна дIаваккхар а, низамхошна тIелетарш дан кечвелла вара аьлла, хааме даккхар а, ша валале цо куьйга йина хIума эккхийтина бохург а, шеконца туьду бахархоша хьовха, цхьамогIа говзанчаша а. Царалахь ву Форбс журналан леррина корреспондент Джемал Орхан а, «Голос России» газетан говзанча-эксперт Сухов Иван а.

Мухха делахь а, кху беттан юьххьехь полисхой а бойуш, Соьлж-ГIалахь талор дичхьана а синтеме бовш бац махкахь хIара карара ГIадужу-бутт.

Официало гIарадаккхарца, Гуьмсан кIоштан Энгал-юьртаний, Къеди-Юьртаний юкъахь герзаш а детташ, юкъаметтиг къастийна ницкъаллин структураша а, шина тIемалочо а. Кара ца баха, герзаца дуьхьало йича, цу шиннах цхьаъ вийна, хьун чохь хьулвелла шолгIаниг лохуш ву боху полисхойн урхаллан хьостано.

Низамхошна хетарехь, гоне а верзийна, лохушверг човйина ву. Полисхойн буьйранчашна хетарехь, и ши тIемало хIун мила ду хьожуш Дагестанера веъна ву леррина зераш дан.

Кху деношкахь, тIемалойн агIончаш бу аьлла, шеко йолуш, ши вахархо сацийна Соьлж-ГIалин кIоштан Iалхан юьртара 21, 26 шераш долуш. Талламхоша чIагIдарца,бехкебечу кегийрхоша кху аьхка, тIеман барзакъ оьцуш а, дехьа-сехьа воккхуш а, жигара гIодина Магамедов Мохьмад цIе йолчу тIемалочунна.

Полисхойн урхалло далочу терахьашца, цу кепара гIаттамхошца юкъаметтигаш лелаярна хьалхарчу 9 баттахь Нохчийчохь лаьцна 14 стаг, дукха хьолехь кегийрхой, ткъа вийнарг - виъ.

XS
SM
MD
LG