ТIекхочийла долу линкаш

Кутаев Русланан шолгIа кхел йолаелла


Кутаев Руслан, Маршо Радиона интервью луш, 11ГIу2013

Кутаев Руслан, Маршо Радиона интервью луш, 11ГIу2013

Политикан жигархочун Кутаев Русланан ТIехьа-Мартанарчу кхело цкъа листина г1уллакх шозлагIа листа гулъелира Нохчийчоьнан Лаккхара кхел оршотдийнахь. Диъ шо хан а тоьхна, набахте хьажош волчу политикан девнехь бехк тIебаьхьначаьргара делла гIалаташ а карийна, юхатоллуш ду дов, боху адвокаташна. Нийсо толаре сатуьйсу Кутаев Русланан гергарчара а, цунах дог лозучара а.

Кутаев Руслананиг санна кхел Нохчийчохь цкъа а ца хилла. Ша, Къилбаседа Корея санна, къовлаеллачу республикехь, иштта Iедална дашца, бакъонаш къийсарца дуьхьалваьлла стаг вац, бехктакхаман гIента хиинарчех-м муххале а. Оцу бахьанашца Кутаевн дов дукха лерина луьстуш ду кхело.

Ткъа бехкбуьллучийн агIо а, Кутаевн адвокаташ а, шайн рагIехь, дуьхь-дуьхьал лаьтта, говзалла къуьйсуш санна.

Дерг дуьстича, чувоьллинчу политикан агIоно цу тIехь толам боккхуш нисло, амма кхин ду цара гучудаьхна кхачамбацарш а, гIалаташ а, кхело тидаме оьцуш дацар.

Оршотдийнахь, Соьлжа-гIалахь дIаяхьначу кхелан рогIерачу кхеташонехь а хилира иштта. Керла хьелашгучудевлла адвокаташна. Цунах лаьцна Маршо Радиога дийцира Кутаев Русланан вашас Ширванис.

Кутаев: «Цхьа керла ситуаци ю кхузахь Iоряьлла. Руслан дIалоцуш ши машен бен ца хилла аьлла ду, амма сурташ тIехь гуш ю кхоалгIаниг – «Камри». Иза талла деза аьлла, кханенна дIатетти-кх цара иза».

Бехкбуьллучу прокуроро аьттехьа а тIе ца дуьту, боху Кутаев Ширванис, набахте хьижийначу Русланан адвокаташа далош долу тоьшаллаш. Дагадаийта деза, дIадахначу кIиранах, пIераскан дийнахь, хиллачу кхелан процессехь а, массийта иштта кечдина тоьшалла тIе ца ийцира кхаа декъашхочух - цхьана оьрсийчух а, шина нохчочух а хIоьттинчу кхело.

Кутаев: «Прокурор, даима а санна, реза вац ишта дехарш кхочушдан. Оьшуш дац, боху цара. Амма кхело, тамаше далахь а, кханенна дIатетти иза. Русланан куьйгаца йоза дина цахилар толлуш, экспертиза а ца йойту кхело. Иза дIалоцучу хенахь арахь хиллачу хенан хIоттамах болу таллам бар а тIе ца ийцира. ХIумма а тIеоьцуш дац-кх цара».

Тахана кхел йоьдуш, цкъа а, шозза а процесс сацийра кхелахоша вовшех дагбовлархьама. Тергамхошна хетарехь, оцо гойту и гIуллакх мел хала ду.

Кутаев Руслан коьртехь волчу «Кавказерачу Къаьмнийн Ассамблеян» вице-президент Хизриев Iабдул кхелан хIора кхеташонехь хуьлуш ву. Цо иштта дийцира таханлерачу кхелан кхеташонах лаьцна.

Хизриев: «РогIера ладегIарш дара уьш. Ши агIо вовшех дагайолуш яра. ХIинццалц хезна доцу керла хIуманаш а дийцира. Русланца къамел дар а хилира тхан. Иза ледара вац. Ша бехке ца хиларе терра, шена тIехьарчийнарг сингаттам бу а элира. Воьхна а вац. Ша бакъ волу дела паргIат ву иза. Гергарчехх а, доьзалх а са ца гатталуш вац иза, амма шен къонахалла хьалха а яьккхина, чекхвала гIерташ воллу иза».

Кутаев Русланан кхелан рогIера кхеташо хир ю шинарий дийнахь. Ткъа кхело сацам кху кIиранах хила тарло. Цуьнга хьаьжжина хирбу адвокаташа бен болх а. Нагахь санна Кутаев юха а бехкевеш сацам бахь, дов Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхеле лур ду адвокаташа. Иштта Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхача а гена дац.

XS
SM
MD
LG