ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна ву Кутаев цхьалха?


Болгари - Испанерчу яздархочо Сервантеса кхоьллинчу Дон Кихотан вастна хIоттийна хIоллам, Габрово
Болгари - Испанерчу яздархочо Сервантеса кхоьллинчу Дон Кихотан вастна хIоттийна хIоллам, Габрово

Нохчийчохь хьалха алссам хиллачу адамийн бакъоларъярхойх, оппозицехь болчу политикех наггахь а ца висина тахана Iедалца къийса. Ишттачех цхьаъ ву полицино тIебаьхьначу шеконе бехкаца кхелашкахула чекхвохуш волу Кутаев Руслан а.

Цуьнгахьа къийса, иза харцонца хьийзаво Iедало аьлла дIакхайкхо арабевлларш бац махкара иза вевзарш, везарш – Оьрсийчуьра схьаоьху политикаш а, бакъоларъярхой а бу.

Оцу хьолаца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Стенна ца хIуьтту нохчийн шайгара хьал далхош шерашкахь хьийзинчу Кутаев Русланехьа я гулам бан а, я хетарг официалехь даржо а? Кутаев нахана харц хетар ду иза, я Iедалх уьш ца бахьар ду?

Хетарг ала луучунна Маршо Радион телефонаш иштта ю. Прагехь: +420 7 24 01 98 32.

Шен жоп махкахошна довзийта луург тхоьца зIене волийла ду иштта. Тхан Прагера телефон: +42 0 7 24 01 98 32. Боцца горгали баийтинчуьнца тхаьш зIене а девр ду тхо.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайта тIехь а.

XS
SM
MD
LG