ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу харжамийн жамIаш


Вовшашца керлачу парламентехь позицеш къастош, бертан дийцарш дIахьош ю Украина Европан декъайига лаам болу партеш. Цаьргахь бу Лакхарчу Раде дукхахболу меттигаш. Иштта бовзийтина Украинан халкъо шен лаам кху кIирандийнахь хиллачу парламентан харжамашкахь.

Хьалхара дийцарш дIадаьхьина шен блокан цIарх президента Порошенко Петрос партийн кхечу блокан лидерца премьер-министрца Яценюк Арсенийца а, Львов-гIалин мэрца, «Самопомощь» («Шаьш шайна гIодар») олучу партин лидерца Садовый Андрейца а. Порошенкон блокехьа бу 70 процент кхаьжнаш, Яценюкан партехьа – 21 процент, ткъа Садовыйн партино 13 процент гергга кхаьжнаш баьхна.

Дуьненаюкъара тергамхоша тоьшалла до харжамаш низамийн лорах чекхбовларх. Церан башхаллех а, жамIех а лаьцна алссам дуьйцур ду оха тIаьхьо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG