ТIекхочийла долу линкаш

Донбассера сепаратисташ а бу харжамашна кечлуш


ТIебогIучу Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Украинан малхбалера сепаратисташ а бу, Украинан низам а талхош, шайн парламенте харжамаш дIабахьа дагахь.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дIахьедина, Кремло церан харжамаш къобалбийр бу, аьлла. Иза цо бохура шинарийдийнахь «Известия» газетана интервью луш. Оьрсийчоьнехьа болчу Донецкерчу а, Луганскерчу а сепаратисташа боху шаьш парламент а хоржур ю, шайна лидерш а къастор бу.

Оцу хьокъехь Украинан президента Порошенко Петрос хаийтина, муьлхха а харжамаш пачхьалкхехь цуьнан низамашца а догIуш бен хIуьттур боцийла. Киево кхо шо делла Донбассна шен лаамехь яха, ткъа цул тIаьхьа дахар Украинан низамашка дерза деза.

Донбассан бахархоша дакъа ца лаьцна кIирандийнахь хиллачу Украинан Лакхарчу Радин харжамашкахь.

XS
SM
MD
LG