ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь бирзинчу харжамаша дикане сатуьйсуьйту массаьрга а


Украина -- "Массарел а лекха ву Дела а, Украина а", Киевера билборд

Украина -- "Массарел а лекха ву Дела а, Украина а", Киевера билборд

Украинан парламентан -Лакхарчу Радин - харжамаш хилла кIирандийнахь. Дуьненаюкъарчу тергамхоша тоьшалла дарехь, харжамаш нийсонца а, лаккхарчу низамехь а чекхбевлла. Харжамийн жамIаш доккхачу декъанна гучудевлла ларало.

ГIадужу беттан 26 дийнахь Украинехь дIабаьхьира рогIехь боцу Украинан парламентан - Лакхарчу Радин - харжамаш. Пхеа шарна хоржучу депутатийн кандидаташлахь дакъалоцуш яра 29 парти а, мажоритаран гонашкахь шаьш-шайгара хьалхататтабелла нах а.

Украинехь керла парламент харжаран бахьана ду Мангал-беттан 24-чу дийнахь «Европе харжам» олучу коалицина юкъара «Свобода» а, «Удар» а олу ши парти, ара а яьлла, иза йохар.

Дуьненаюкъарчу тергамхоша къобалбина Украинехь кIирандийнахь хилла и харжамаш. Цара тоьшалла до, харжамаш лакхарчу низамехь чекхбовларх а, алссам харжамхоша дакъалацарх а.

Ткъа Оьрсийчоьно дIахьедина, керлачу парламенто халкъана пайде доллу Iедал а къастийна, оцу Iедало лагIдаре сатуьйсу ша Украинехь лаьтта ира хьал, аьлла.

Европан цIарх Украинехь харжамийн тергоечу Харстед Кента, Европан кхерамзаллехула а, юкъарлолелоран а организацин координатора, хьалхо элира, Украинехь тоъал кандидаташ а бу хьалхатиттина, царна къовсам дIабахьа оьшу хьелаш а хIиттийна пачхьалкхо, аьлла. Цо бахарехь, кегий кхачамбацарш лелла, амма юкъарчу хьесапехь харжамаш дика чекхбевлла.

Харстед: «Кху пачхьалкъан халчу муьрехь, массо хьукматаш, харжамхой цхьаъ хилла, юьстах ца лаьтташ, дакъалецира парламентан харжамашкахь. Iаламат дика хета, кегий кхачамбацарш юкъарчу харжамийн комиссех Iиттаделлехь а, харжамаш нийсонца чекхбевлла».

ДIабаьхьначу харжамийн жамIаш гучудевлла. Европах Украина дIакхетийта луучу партешкахьа алссам кхаьжнаш тесна харжамхоша. Амма дакъа ца лаьцна харжамашкахь сепаратизмо лаьцначу Донбассо а, Оьрсийчоьно дIаяьккхинчу ГIирмано а.

Хаамийн Центро бахарехь, уггаре хьалха яьлла йогIу «Народный фронт» («Халкъан фронт») олу Яценюк Арсений коьртехь лаьтта парти. Цунна кхаьжнаш тесна 21,94% процент халкъо.

КIеззиг бен тIаьхьа ца йисина президентан Порошенко Петрон блок а, цо 21, 6 процент кхаьжнаш баьхна.

Ишта, парламентехь меттигаш кхочу «Самопомощь» олучу Львов-гIалин мэр Садовой Андрей куьйгаллехь лаьттачу цхьанакхетараллана (11 процент). Оппозицехь лаьттачу блоко 9,5 процент, Ляшко Олеган радикалан партино 7,5 процент гергга. Уггаре лахарчу терахьашкахь ю Тимошенко Юлиян «Батькивщина» парти - 5,7 процент харжамхоша бен ца бина цуьнга ларам.

Толамехь йолчу «Народный фронт» («Халкъан фронт») партин куьйгалхочо Яценюк Арсенис кху деношкахь шен пресс-конференцехь дIакхайкхийра, Порошенко Петроца шаьшимма барт а бина, коалици кхуллур ю, аьлла.

Яценюк: «Сан цхьанакхетар хилла Украинан президентца. Тхан Iалашо ю, мел а сихонца коалици а кхоьллина, керлачу Iедалца, керлачу парламентан декъашхошца хийцамаш бан, тхешан пачхьалкх сиха меттахIотторехьа. Со тешна ву, керлачу Iедалан куьйгалхой кIорггера хаарш долуш, шайн меттахь болу нах хирг хиларх. Церан гIоьнца оха дикачу агIор баккхий хийцамаш бийр бу тхешан пачхьалкхехь».

Тимошенко Юлия а резахилла шен жамIашца кхоьллинчу коалицин декъаяха.

Пачхьалкхийн куьйгалхошкара харжамаш диканца берзарца декъалдаран кехаташ даьхкина Украинан президенте Порошенко Петрога.

Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака, харжамаш лакхарчу тIегIанехь чекхбевлла хета шена, Украина демократин пачхьалкх а хилла, кога-ира хIуттур ю аьлла хеташ а ву ша, боху.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс даржийна, Кремлан дегайовхо ю Украинерчу харжамхоша къастийначу Iедало пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш машаран новкъа йохург хиларх а, Украинан Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш дикачу хьесапе йовларх а, аьлла.

Лавров: «Ас хьалха ма-аллара, Европан кхерамзанехула цхьаьнаболхбаран организацино кIорггера тидам а беш, дIабаьхьна Украинехь харжамаш. Цара схьагайтарехь, парламентан харжамаш хилла, Украинан цхьадолу дакъош харжамашка ца деанехь а. Оха къобалдо церан харжамийн жамIаш, хIунда аьлча, тхуна бен-башха ду Украинехь лаьтта хьал. Лаьа, Украинехь хила доггIу Iедал коьртехь хуьлийла, халкъан проблемаш йоьрзйила а, Украинан Малхбале - Малхбузехьа ца ийзайойла а».

XS
SM
MD
LG