ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь санкцех мукъа ца йолуьйту ЕвроБерто


Шинарийн сарахь йирзинчу Европан Бертан кхеташоно сацамбина ГIирма долаерзорна а, Донбассехь сепаратисташна гIо латторна а Оьрсийчоьнна духьалхIиттийна санкцеш юха ца яха. Уьш лагIъяран хьокъехь хилира мехкийн векалийн и кхеташо.

Италийнний, Венгрийнний лидерша бохура, санкцеша пайда ца бохьу, уьш лагIъян еза, я юхаяха еза. Амма сацам чекхболийла дац массо а Евробертан куьйгалхой реза хиллалц. Ткъа дукхахболу лидершна ца лаьа Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш юхаэца. Цхьаболучара, масала, литувахоша мелхо а чIагIъян еза санкцеш, боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG