ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бангладешо вен кхачийна исламхо Низами


Бангладешерчу тIеман трибунало вен кхачийна цигарчу исламхойн партин лидер Низами Мотиура Рахьман. Иза бехкевина 1971-чу шарахь цо махкан Пакистанца хиллачу тIамехь адамаллина дуьхьал зуламаш дарна. Даккехь кхаарийдийнахь кхайкхийна и сацам.

Кхузткъе цхьайтта шо долу Низами Рахьманна дуьхьалъяьккхина бехктакхаман кодексан 16 артикл, царалахь геноцид, нах байъар, зударий хьийзор а долуш. Тергамхошна хетарехь, бинчу сацамо гуламашка баха тарло Низамин партин векалш. ХIетахьлерчу тIамехь вийна лору Бангладешо шен миллион гергга вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG