ТIекхочийла долу линкаш

Суьдхо Бачаев суьде озор вац


Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело дихкина Талламан комитетна Нохчийчуьрчу арбитражан суьдхочунна Бачаев Iелина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдан. Цунна бехкедора талламчаша, кхелехь цо харц сацам а бина, пачхьалкхана 5 миллиард соьмана зен дар.

Амма Бачаевс чIагIдарехь, цо девнаш гIалаташ а доцуш листина аьлла хилла цуьнан коллегаша бина къастам, хаам бо РИА «Новости» агенталло. Оьрсийчоьнан Лакхара кхел, къовсаман жамI деш, тIетевжина шел хьалха Нохчийчоьнан кхелаша бина хиллачу сацамашна.

XS
SM
MD
LG