ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно Украине кхачочу газах лаьцна дуьйцу Брюсселехь


Еарийдийнан Iуьйре тIехIотталц лаьттира Брюсселехь кхаа агIонан, Оьрсийчоьнан Евробертан, Украинан, газ йохкарх-эцарх долу дийцарш. Оьрсийчоьнан энергетикан министра Новак Александра бинчу хаамца, кху Iай шена Оьрсийчоьно латтор йолчу 4 миллиард куб-метр газах дала догIу ахча Украино Европан а, дуьненаюкъарчу финансистийн гонийн а гIоьнца карор ду аьлла.

Газах йолу контаркт чIагIъян кийча ю Украинера «Нафтагаз» а, Оьрсийчуьра «Газпром» а, бохура Новака. Делахь а, шина мехкан дийцарш дерзаза ду цкъачунна. «Газпроман» куьйгалхочо Миллер Алексейс дIахьедина оцу юкъанна, цхьа а некъ болийла дац, Украиной, Евробертой вовшашца барт а бина, газан мах охьабуьллург хилар билгал ца даккхахь, аьлла. Украина ишта а ю шена 5 миллиард доллар декхаре, боху «Газпромо».

Дерзаза долчу дийцаршкахь Оьрсийчоь резахилла Украинана юхкучу газан мах 100 долларна лахбан, 385 долллар эзар куб-метрх хIоттош.

XS
SM
MD
LG