ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхийн тергонера евлла наркотикаш


ОвхIанистанехь бахархошна а, пачхьалкхан экономикана а пайде хилла лаьтта опиум кхиор шордаларна кхерам бу. И хаам баржийна цигахь наркотикаш кхиор, йохкар тидамехь латточу Iамеркарчу тергамчаша. Наркотикаш ца яржийта ОвхIанистано хьовха, кхечу пачхьалкхаша а бен болх лагIбелла аьлла бу хIора кхаа баттахь ша йина терго йовзуьйтучу «СИГАР» юкъаралло баржийна хаам.

ОвхIанистанерчу хьолах терго ечу лерринчу инспектора Сопко Джона бахарехь, Вашингтоно тIаьххьарчу 13 шарахь 7 миллиард доллар ахча дайина наркотикаш ца яржийта, ткъа пайда бац хилла. Ах миллион гергга офхIанхочунна болх-некъ ло цара лелочу опиумо, боху артикло.

XS
SM
MD
LG