ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юнус Лайлаъ адвокат воцуш йитина Азербайджано


Азербайджанехь кхел яле нах чохь кхобучу набахтера шен хьал довзуьйтуш кехат даржо аьтто баьлла бакъоларъярхочун Юнус Лайлаан. Ша адвокат а воцуш йитина аьлла бу цо бен латкъам. Цуьнан адвокатна Джавадов Джавадна дихкина кхелехь дуьйладала дезачу ладегIаршкахь дакъалаца.

«Францехь, цигарчу президента Олланд Франсуас ша къамелдинчу Азербайджанан президенте Алиев Ильхьаме сох гIайгIа къадорцана дина иза», яздо Юнус Лайлаа. Яхначу аьхка иза а, цуьнан цIийнда а лецира Бакох, и шиъ пачхьалкхана ямарт ду аьлла. ТIебаьхьина бехк политикан буха тIехь кечбина бу, чIагIдо Азербайджанерчу бакъоларъярхоша.

Малхбузерчу Iедалша а, политикаша а Юнус Лайлаъ а, цуьнан майра а маьршадаккхар масситтаза дехна Азербайджанан куьйгалхошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG