ТIекхочийла долу линкаш

Шема ваха кечвелла нохчо лаьцна Венехь


Австрехь рогIера нохчо лаьцна полицино иза Шемарчу тIаме ваха кечлуш а, Венехь эккхийтар дан гIерташ а хилла, аьлла. 14 шо бен а дац лаьцначун. Амма Австрехь оццул хан кхаьчча доладо берера динчу зуламах дуьззина жоп деха. Карарчу хенахь 150 стаг ву Австрин Iедало шайн махкара Шема тIаме вахана аьлла бехкевеш. Царех цхьаберш тIаме а кхаьчна, цигахь белла а ларало. Цу могIарахь ву ткъеха нохчо а.

XS
SM
MD
LG