ТIекхочийла долу линкаш

Украинера дацахь а, Оьрсийчоьнан эскаршна кеп-кепара дараш хилар гойтуш ду хIара масал - ХIирийчуьрчу Мозалк-гIалахь ирхъоллавелла я ирхъоьллина, иза хууш дац, цхьа салти. Иштачийн чот янне а ца йо оьрсийн эскаршкахь.

ХIирийн мехкан Мазалк гIалина чубогIучу федералан некъаца, хьун чохь, ирх а оллавелла, велла карийна сержант даржехь эскархо. Велларг цIера ГIебартойн-Балкхарийн Прохладни гIалара оьрси ву. Иза Iедалца биначу бартаца гIуллакх деш хилла 100-гIа бригада олучу тIеман декъехь, Мазалкехь йолчу хIаваакеманийн аэродромехь. Иза ша велла я цунна цхьамма гIо дина хууш дац. Къамеле баха воьлча эскархой а бац цуьнан хьокъехь, цхьа юкъара къамел дар доцург, хIумма а ала лууш. Иштачех ву Антон цIе йолу хIара лейтенант даржехь эпсар а.

Антон: «Велларг 100-чу бригадехь гIуллакх деш ву, кхузза Мазалкехь, аэродромехь долчу тIеман декъехь. Прохладни гIалара вара иза ша. Дуьйцуш хазар доцург суна кхин цунах хууш хIума дац. Цо и шен лаамехь дина я цунна гшIо дина ала а хаац…»

Соьга вистхиллачу эскархочо Антона, ша дIаязвойла а ца лууш, билгалдаьккхира, шен а, шен накъостийн а и вийна аьлла шеко алсам хилар. Цхьа адам а дехаш доцчу, акхачу метте , гIала чувуллучу федералан некъана юххе а веъна, цо валар хаьржина аьлла ца хета шена, бохура Антона.

Шовзткъа эар стаг вехачу жимачу Мазалк гIалахь шуьйра дийцаредо, ирх а оллавелла, эскархо валар. Цхьаболчу могIарерчу бахархоша кхеторехь, тамаше хIума дац оьрсийн къоман стаг ша-шена тIе куьг а даьхьина, дIакхалхар. Цу хьокъехь ишта хьажам бу Мазалкерчу вахархочун Хьусайнан.

Хьусайн: «Оьрсийн дахарехь нислуш хIума ду. Шен цIа телпо тоьхча боьршачу стага схьаэцна хила а тарло. Кхо «хьо мила ву?,- хотту. Вукхо хьо мила ву олу. Зудчуьнга дIало телпо. ТIаккха зудчо кхетаво,хIара шен везар ву,со хьоьца къаста луу дукха хан ю. Ишта нисделла хила а тарло цуьнан валар. Билггал ала хаац. Цхьаболучара ирхъоьллина бохуш дуьйцу вукхара цо ша дина бах. Ши метр лакхахь и муха кхозало хьала суна-м ца хаьа. Лаьттара хьала юьстича, оццул лакхахь хилла бах».

Къамелашкахь гучу ма-даллара дукхахболчара шеконца тIеоьцу эскархочо шен лаамехь Iожалла тIеэцна бохург. Цу ойланна тIетийжачех ву ткъа итт шарахь гергга цигга Мазалкехь вехаш волу Абзотов Мохьмад а.

Мохьмад: «И лартIахь хиллеххьа-м цо и дийр а дацара. Ахча даккхархьама дина аьлла ца хета суна-м. Ахча кара луш ма даций. Муха нисделла, хIун ду хилларг цкъачунна хIумма а хууш дац, зераш ду дIахьош . Цара гучудоккхур хир ду-кх бакъдерг. Ши метр лакха муш а дIа оьллина, и коча а тесна, чуиккхина бохург йоккха шеконца тIеоьцу ас. ЦIена-м дац иза…».

Дуккха а мазалкахоша шаьш даре дарца, ГIебартойн-Балкахарийн а, Ставропол а, ГIалгIайчоьнан амехкашца а, Нохчийчоьнаца а дозанаш а долуш, кху Теркаца Iуьллучу ХIирийн мехкан гIалахь кест-кеста нислуш, дахаран бакъдерг ду цу кепара тамашена баларш а, вер-ваккхарш а.

Кхузахь бехачу нахана дика дагадогIу цхьа-ши шо хьалха Мазалк кIоштан Ново-Георгиевск юьртахь, ОвхIанистанехь а, Нохчийчохь а тIемаш бина тIеман пенсионер Горейда Петр вер а.

Мазалкехь вуно йоккха гIовгIа а йолуш, сел эвхьаза герзаш диттина вийра кхузахь лурчаха Iай зIенан урхаллаш карахьйолу Абек цIе йолу гIумкхин къомах бизнесхо. Йоккха хан юкъа ца юлуш, герзаш тIекIирдина, Анжиевн урамехь вийна кIоштехь дика вевзаш хилла, пачхьалкхан цхьана урхаллин инарла директор хилла Казаков Кимал а.

Стохка бIаьстенан хьалхарчу баттахь Предгорни олучу юьртана гергахь, ницкъ беш вийна схьакарийнера 53 шо долу Гашокин Георгий а. Бевзаш боцчу наха лаьцна а дIа а вигина, масех дийнахь лехначул тIаьхьа, герзаш а диттина, Калинин юьртана гергахь, цхьана акхачу меттехь, вийна схьакарийнера Гуьчиг-юьртара Таймазов Камил а.

ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь тамаше баларш а,вер-ваккхарш а кест-кеста нислуш болу бохамаш бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG