ТIекхочийла долу линкаш

Европа реза яц Донбасс харжамашна кечъяларна


Украинан, Германин, Францин лидерша дехна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кху тIедогIучу кIирандийнахь Украинерчу Донбассехь сепаратисташа бан лерина «парламентан» харжамаш къобал ца бар. И хаам баржийна Украинан президентан Порошенко Петрон администрацино. Порошенкос, Путина, Меркела, Олланда пIераскан буса телефонехула дийцаредина Оьрсийчоьно газ йохкарх долу хаттар.

Кху Iаьнна Украинана газ юхкур йолуш бартхилла куьйгалхойн. Донбассехь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа бан лерина харжамаш ца богIу Минскехь дукха хан йоццуш хиллачу машаран бертаца, дIахьедина Путине Европерчу куьйгалхоша.

Хьалхо Кремлан дипломатин дас Лавров Сергейс дIахьединера, Оьрсийчоьно къобалбо Донбассерчу сепаратисташа хIиттош болу харжамаш, аьлла.

XS
SM
MD
LG