ТIекхочийла долу линкаш

ЭрдогIан: Кобани бен хIунда ца го дуьненна?


Туркойн президента ЭрдогIан Тайипа дIахьедина, шена дуьненаюкъарчу коалицин тIех сов ницкъаш дIагулбелча санна хета Шемин Туркойчоьнца долчу дозанехь, Кобани гIалахь, аьлла. Парижехь пIераскана Францин президентий Олланд Франсуанний, шенний хиллачу цхьаьнакхеттарехь еллачу пресс-конференцехь цо элира, «Кобани йоцург, лаьцна кхобуш ю Идлиб, ХIама, ХIомс гIаланаш.

«Исламан Пачхьалкхан» карахь дац Иракъан 40 процент латта а?» - бохура цо. Деккъа дIа курдой ларбеш, коалицино цхьа Кобани къийсар нийса дац, элира ЭрдогIана. 15 курдойн тIемало ву Туркочоьнан дозанехь Кобани гIаларчу курдойн эскарна гIодан ваха кечлуш.

Iамеркан Штатийн кеманаша ракеташ а тоьхна, новкъарло йина «Исламан Пачхьалкхан» тIемалойн тобанашна Кобани дIалаца, амма уьш лаьтта цу гIалина кхаа агIор гобина.

XS
SM
MD
LG