ТIекхочийла долу линкаш

Курдойн Пешмерга юзуш ю


Пешмерга олу курдойн ницкъаш, Туркойчоьнан доза а хадийна, Шемичу бахана, цигарчу шайн махкахойх а кхетта, Кобани гIала йоккхуш, «Исламан Пачхьалкхан» тIемалойх лата. 150 стаг ву, шайца деза герзаш а долуш, машенашкахь шоьтан буса курдойх дIакхеттарг. Бинчу тIемаша аьтто белла курдошна ах гергга гIалин доладан. Иттаннаш эзарнаш бахархой бевдда гIалара Туркойчу.

Де хьалха Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Тайипа критика йира Iамеркана а, цуьнца коалицехь болчу мехкашна а, цара кхийолу Шемин, Иракъан «Исламан Пачхьалкхо» лецна лаьтта меттигаш а йийцйина, еккъа цхьа курдой беха Кобани яккхар бен тергоне а ца оьцу, аьлла.

XS
SM
MD
LG