ТIекхочийла долу линкаш

ГIоза-декъал хиларца кху дуьнентIехь 68-чу меттехь ю Оьрсийчоь


ГIоза-декъал хилар тидаме эцча, кху дуьнентIехь 68-гIа меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчоь. Цу хьокъехь рейтинг хIоттийнарг ю Legatum Institute олу аналитикан центр. Цо далочу терахьашца а догIуш, стохка хиллачуьнца дуьстича 7 тIегIанна лахаяьлла Оьрсийчоь 2014-чу шарахь. Цу рейтинго юстуш ю 142-на пачхьакхан экономика а, могашалла ларйон система а, стаг маьрша хилар а, бизнес лело болу аьттонаш а, культуран тIегIа а, пачхьалкхера урхалла дон система а.

Цу талламашца а догIуш, уггаре а гIоза-декъал йолчу пачхьалкхашна юкъахь ю Норвеги а, Швейцари а, Керла Зеланди а, Дани а, Канада, Швеци а, Австрали а, Финлянди а, Нидерландаш а, Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а. Цу рейтингехь Украино дIалаьцна 63-гIа меттиг, Белоруси ю 53-чу меттехь.

XS
SM
MD
LG